Ӏалий ибн Абу ТӀалиб (АллахӀ реза хуьйла цунна) волчче веънера Аштар, иза ламазехь волуш, буьйса тийначу хенахь, цо элира: «ХӀай бусалба нехан амир, дийнахь марха, буьйса сема, цу шинна юккъехь кӀадвалар!».
ТӀаккха ша ламаз дина ваьлча цо жоп делира: «Эхартан некъ беха ма бу, буьйсанна хадо безаш бу иза».
Хьабиб ибн Мухьаммад Фарисин хӀусамнанас буьйсанна самавоккхура иза, ша олуш: «Хьабиб, хьалагӀатта, некъ генна бу, вай новкъаяккха кечйинарг кӀезиг ю, дикачу нехан къепал дӀайолаелла, ткъа вай хӀинца а Ӏаш ду».
============
📲Телеграмм: https://tlgg.ru/adlan_haracho
📲Инстаграм: https://instagram.com/adlan_xaracho
📲Фейсбук: https://www.facebook.com/adlan.kaimov
📲Вконтакте: https://vk.com/id256357179
📲Одноклассники: https://ok.ru/profile/568090702684